Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн массо тайпанаш а, къаной а, хьаькамаш а, кхелахой а, тІехьовсурш а Шехем-гІалахь гулбира ЮшаІа. Уьш берриш а Далла хьалха хІиттира. Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дІахІоттаве алар. ТІаккха иза Везачу Эле доІа дан хІоьттира. Цо жоп делира: «Хьайга наха бохург де. Цара дІатеттинарг хьо вац, Со ву. Царна ца лаьа Аса шайна тІехь паччахьалла дойла. Амма наха Шамъале ла ца дуьйгІира. Цара бохура: «ХІан-хІа! Тхуна тхайна тІехь куьйгалла дан паччахь веза. Амма Іамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тІехь“, – Веза Дела шайн Паччахь воллушехь!
Выбор основного перевода