Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ХІокху тІамах лаций тептар тІехь дІаязде, тІейогІучу тІаьхьенашна хІара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаІе ала, Ас Іамалекхахой лаьтта тІера тІепаза бойур бу алий». «Шайн Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тІе а даьхкина, латта шайн дола а даьккхина, цигахь шаьш даха хевшича, аша иштта ала мега: „Ваьшна тІехь паччахь дІахІоттаве вай, вайна гонах долчу халкъаша ма-хІоттаварра“. Иштта делахь, шун Везачу Дала схьахаьржжинарг дІахІоттавелаш шайна тІехь паччахь. И паччахь шун гергарчарна юкъара хила веза. Кхечу махкара волу а, шун къомах воцу а стаг шуна тІехь паччахь дІахІоттавойла дац. Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хІунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. Шен дог Делах ца тилийтархьама, шена дукха зударий а ма балабойла цо. Иштта деши а, дети а дукха ма гулдойла цо. Амма шен паччахьаллин гІанта тІе ша охьахиъча, левихойн динан дайшкахь долчу тептарш тІера хІара товрат-хьехамаш шена дІаязбан беза цо. И дІаяздина тептар цуьнгахь хуьлийла, ша мел вехачу деношкахь даим а доьшийла цо иза, шен Везачу Деле ларамах вуьзна хила Іамархьама а, и берриге а товрат-хьехамаш а, парзаш а леррина кхочушдархьама а. Цуьнан дог кура ма долийла шен къомах болчарна хьалха, оцу весеташна тІера дІа ма волийла иза я аьтту, я аьрру агІор, иза а, цуьнан кІентий а дуккха а хенашкахь исраилхошна тІехь паччахьалла деш хилийтархьама». Дала тІедиллинарг яздинчу тептар тІе и дерриг а дІаяздира ЮшаІа. Юха боккха тІулг, схьа а эцна, Везачу Элан цІенна уллохь лаьттачу ножана кІел охьабиллира цо. Цо цаьрга элира: «ХІара ду шуна аша воьхуш волчу паччахьо ден дерг: шун кІентий дІа а бигина, цо уьш шена гІуллакх дан дІахІиттор бу шуна. Цо уьш шен гІудалкхашна тІехь эскаран гІуллакх дан дІахІиттор бу, царах дошлой а бийр бу. Ткъа цхьаберш цуьнан гІудалкхана хьалха уьдуш лелар бу. Цхьаболчарах цо цхьа эзар эскархочунна тІехь куьйгалхой бийр бу, вукхарах – шовзткъе итт эскархочунна тІехь. Паччахьо цхьаберш шена ялта кхио дІахІиттор бу, вуьш эскархойн гІирс кечбеш, гІудалкхийн цхьацца меженаш кечъеш хир бу. Паччахьо шун зудабераш дІадуьгур ду, шена хаза хьожа йогІу хьакхарш деш, яа хІума кечъеш, бепиг доттуш гІуллакх дайта. Паччахьо шун тоьлла долу кхаш а, кемсийн бошмаш а, зайт-диттийн бошмаш а, шуьгара дІа а яьхна, шен гонах болчарна дІайоькъур ю. УьтталгІа дакъа дІадийначу лаьтта тІера а, кемсийн бешара а аша схьаэцначух цо шуьгара дІа а даьккхина, шена уллорачарна а, кхин болчу ялхошна а дІалур ду. Шун зударех а, божарех а болу леш а, уггар тоьлушха болу кегий нах а, варраш а – дерриге а паччахьо дІадуьгур ду шена гІуллакх дайта. Кегийрачу бежанех уьтталгІа дакъа, дІа а даьккхина, дІадуьгур ду. Ткъа шух цо шен леш дийр ду. Цу хенахь аша, шаьш хаьржина волчу паччахьан куьйга кІелара дІадаха бохуш, Деле орца дохур ду, амма Везачу Эло шун доІанна жоп лур дац».
Выбор основного перевода