Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Рахьал кхелхира. Эпрати-гІала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дІайоьллира иза. Цуьнан коша тІехь чуртана тІулг хІоттийра Якъуба. И тІулг хІинца а Рахьалан коша тІехь лаьтташ бу. Шаулан ден Къушин цхьайолу виркхелаш яйна хилла. Къушас Шауле элира: «Хьайца цхьа ялхо а эций, ваха а гІой, виркхелаш хьайна карайойла хьажа». Уьш Эпраман лаьмнаш тІехула а, Шалшин латтанашкахула а, ШаІлиман латтанашкахула а хьоьжуш лийлира, амма виркхелаш царна ца карийра. Бен-Яманан латтанашкахь а лийхира цара уьш, амма виркхелаш цхьанхьа а яцара. Шаьш Цупин лаьтта тІе кхаьчча, Шаула шен ялхочуьнга элира: «ЮхагІо вайшиъ, сан дега, шен виркхелаш йиц а йина, вайшиъ бахьана долуш са ца гатдайта».
Выбор основного перевода