Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхана шайн тайпанашца тІедуьйла. Везачу Эло къастийна тайпа шен гаранашца тІедан деза. Цо билгалдаьккхина гара доьзалшца тІедан деза. Къастийна доьзал, цхьацца стаг а вогІуш, тІебан беза. ЮшаІа, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, исраилхошка шайн тайпанашца тІедуьйла элира. Массарна а юкъара къастийнарг ЯхІудан тайпа дара. ЯхІудан тайпа тІе а кхайкхина, царна юкъара Зерахьан гара къастийра. Шайн доьзалшца Зерахьан гаране тІедола а аьлла, царна юкъара Завадин доьзал къастийра Везачу Эло. Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тІаьхьенах волу Къушин кІант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина.
Выбор основного перевода