Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даудан доттагІа волчу Іаьркхихочо Хьушайс, Абушалам волчу а веана, цуьнга элира: «Дукха вехийла паччахь!» Схьало тхан кара Шаулан тІаьхьенах волу ворхІ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаІ-гІалахь ирхъухкур бу». Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дІалур бу». ХІунда аьлча Адан-ЯхІус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагІий а дайина. Берриге а паччахьан кІентий а, тІемалойн хьаькамаш а, динан да волу Абу-ЯтІари а тІе а кхайкхина, Іаш ву иза. ХІинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхІу-паччахь!“ ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза паччахь дІахІотто даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха, тІараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш. ХІора гІалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чІагІйира цо и гІаланаш. РахьбуІаман карахь дара ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.
Выбор основного перевода