Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаулан ден Къушин цхьайолу виркхелаш яйна хилла. Къушас Шауле элира: «Хьайца цхьа ялхо а эций, ваха а гІой, виркхелаш хьайна карайойла хьажа». Уьш Эпраман лаьмнаш тІехула а, Шалшин латтанашкахула а, ШаІлиман латтанашкахула а хьоьжуш лийлира, амма виркхелаш царна ца карийра. Бен-Яманан латтанашкахь а лийхира цара уьш, амма виркхелаш цхьанхьа а яцара. Шаьш Цупин лаьтта тІе кхаьчча, Шаула шен ялхочуьнга элира: «ЮхагІо вайшиъ, сан дега, шен виркхелаш йиц а йина, вайшиъ бахьана долуш са ца гатдайта». Амма ялхочо цуьнга элира: «ХІокху гІалахь наха чІогІа лоруш а волуш Делан стаг ву Іаш. Цо мел аьлларг кхочушхуьлу. Вайшиъ иза волчу вахча, цо вайшиъ нийсачу новкъа ваккха мегара». Шаулан зудчун цІе АхьнуІмат яра. Иза АхьимаІацан йоІ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цІе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кІант вара.
Выбор основного перевода