Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас кхузахь хІара тІулг хІоттийна, цо хІара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгІа дакъа Цунна юха а лур ду ас». Дала элира Якъубе: «Бетал цІе йолчу меттиге хьала а валий, хьайн вешех Іесавах хьо ведда вогІучу хенахь хьуна Ша гайтина волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечъе цигахь». Цул тІаьхьа новкъа довла кечло, вай Бетала гІур ду. Халачу дийнахь сан доІина жоп а делла, со миччанхьа а вахача, соьца хилла волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйийр ю ас цигахь». Цигахь цо Беталахь волчу Далла лерина сагІа доккху меттиг кечйира, хІунда аьлча кхузахь Дала Ша вовзийтира цунна, хІара шен вешех ведда воьдучу хенахь. Ребикха кхаьбна йолу Дебира елча, иза Бетална лахо лаьттачу ножана кІел дІайоьллира. Цундела тиллина цу меттиган цІе Іалун Бахут (иза «делхаран наж» бохург ду).
Выбор основного перевода