Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Товрат-хьехам тІера кІеззиг долу хІума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тІедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дІа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. Ткъа Шаул Іийсах тешаш болу нах хІаллакбан волавелира. Цхьана цІа чуьра вукху чу а воьдуш, божарий а, зударий а дІа а лоьцуш, набахти чу бухкуьйтура цо. Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чІогІа дехар до шуьга, Делера шаьш тІеэцна долу дика эрна ма хилийтийша.
Выбор основного перевода