Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо аьллачунна дуьхьал Іийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамІа, Юнин кІант, хІунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. Уьш я цІийх а, я дегІан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. Іийсас жоп делира цуьнга: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, адам юха шолгІа ца кхолладелча, хаалур дац цунна Делан Олалла». Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тІелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. Адамийн бераш адамех хуьлу, ткъа Делан бераш Делан Синах бен ца хуьлу. Цхьаммо ала тарло: «Яа хІума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хІуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хІаллакдийр ду». Делахь а вайн дегІ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догІмаш Іалашдийр ду.
Выбор основного перевода