Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дІабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидІа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дІахадийна. Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Іийсах тешнарш кІелхьарбахар. Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чІогІа дехар до шуьга, Делера шаьш тІеэцна долу дика эрна ма хилийтийша.
Выбор основного перевода