Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза Дамасакхе схьакхочучу хенахь, цІеххьана стигаларчу серлоно къагийра иза. Шаул лаьтта охьавоьжча, цунна аз хезира. Цо кхуьнга бохура: «Маржа Шаул яІ! Соьга бала хІунда хьоьгуьйту ахь?» «Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Іийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо. ХІинца, хьала а гІаттий, гІала гІо, цигахь эр ду хьоьга ахь хІинца дан дезарг». Со паргІат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Іийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тІе далийнарш?
Выбор основного перевода