Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагІий а дойуш, жижиг дууш а, чагІар молуш а дара. «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела» – бохура аша. «Схьадуьйла, – боху цара, – суна чагІар карор ду! Маларца дехар ду вай! Кхана а тахана хилларг хир ду, кхин сов а». ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш.
Выбор основного перевода