Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха. КІохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тІе, аренан ораматех хир ю хьуна юург. Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох». Цхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Іожалла а еана. Иштта Іожалла а хІора адамна тІееана, массара а къа латийна дела. Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тІедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гІуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло. Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хІара догІмаш хІаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цІа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цІа ду. Вешан хІинца долчу догІмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цІа, бедар санна, ваьшна тІедухар лууш. И духар ваьшна тІедухийтинчул тІаьхьа, вай дерзина карор ма дац! Лаьттара четарш санна долчу хІокху догІмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХІунда аьлча вайна ца лаьа тІеюьйхина хІума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тІедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дІакхаллийтархьама. Оццу гІуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана. Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цІенош санна долчу оцу догІмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цІеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь. ХІунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду. Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегІана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Іаш хилар гІолехь ма хета тхуна.
Выбор основного перевода