Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма шу чІагІ а лойла, шун куьйгаш гІел а ма лойла, хІунда аьлча аша динчу гІуллакхашна ял лур ю шуна». Нагахь шу долчу Тимапи вагІахь, цунна цхьанна а агІор кхерам ца хилийта хьовсалаш, хІунда аьлча цо дийриг а, ас ма-дарра, Везачу Элана лерина гІуллакх ду. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Іийсах тешарехь шу чІагІлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хІунда аьлча шуна массарна а юкъахь хІораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу. Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дІахІитта а, Цуьнца бертахь хила а.
Выбор основного перевода