Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсас тІе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тІе дІавахара цхьайтта мурд. Иза шайна гича, уьш Цунна хьалха охьатаьІира, амма цхьаццаберш шекбевлира. ТІаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хІума юучу хенахь, дуьхьалхІоьттира Іийса. Цо тІехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамІина хьалха хІоьттинера!» Церан къамел чекх а ца даьллера, Іийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча.
Выбор основного перевода