Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа со-м, адам а доцуш, нІаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со. Вайн аьрхаллина чов йина вара Иза, вайн къиношна хьаьшна вара Иза. Вайна машар бахьаш долу таІзар дара Цунна тІехь, ткъа Цуьнан чевнаш бахьана долуш вай тодина лаьтта. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Цуьнан гІуллакх харц къасторна, Иза дІаваьккхира. Амма Цуьнан тІаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тІера дІаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира. Зуламхошца цхьаьна каш кечдинера Цунна, хьалдерг волчохь дІавоьллинера Иза, Цо цкъа а къизалла ца йинехь а, Цуьнан багахь харцдерг дацахь а. Амма Везачу Элан лаамехь дара Иза хьашийта а, Цуьнга баланаш хьегийта а. Нагахь Шен синах Цо гІуда такхаран сагІа дахь, тІаьхьенах берш гур бу Цунна, Цуьнан дахар дах а дийр ду Цо, ткъа Цуьнан куьйгахула кхиамца Везачу Элан лаам кхочушхир бу. Шен сино бала хьегначул тІаьхьа, Цунна юха а дахаран серло а гур ю, Шена тосаделлачуьнгахула Ша тІекхаьчначунна Иза реза а хир ву. Нийсаверг волчу Сан Ялхочо дуккха а нах Суна хьалха бакъбийр бу, церан къинош Шена тІехь дІа а хьур ду. Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Іожаллина дІадаларна а, зуламхойх Иза дІатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дІа а даьхьира, зуламхошна тІера доІанаш а дора. ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас.
Выбор основного перевода