Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делан Йозанаша ма-бохху: «Хьо бахьана долуш, хІора дийнахь тхо дайаран кхерамехь ду. Тхо дайа кечдина долу уьстагІий санна хета царна». ХІетте а, и дерриг а гІуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. Динан вежарий, оха Асиа-махкахь хьегна баланаш шуна ца бовзуьйтуш Іан ца лаьа тхуна. Тхаьш дийна дуьсур дац моттал холчу хІиттийнера тхо. Уьш лан тхан ницкъ ца кхаччал, сов баккхий бара и баланаш. Іийсан валар гуттара а тхешан догІмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догІмашкахула гучудаккхархьама. Веза Эла волчу Іийсаца воьзна хиларна, дегайовхо ю сан шу долчу кестта Тимапи ваийта, шуьгара хьал-де а хиъна, сайн дог иракарахІотторхьама. Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш?
Выбор основного перевода