Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира. Суна хууш ду со Бехказавоккхург дийна вуйла а, Иза тІаьххьара а лаьтта тІехь дІахІуттур вуйла а. Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу. Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тІехь Іожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а. Цхьана агІор хьаьжча, шел тІаьхьа вогІу Волчух тера вара Адам. Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Іожалло олалла дар дІадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгІат а тІе мел эцнарш Іийсагахула олалла деш хир бу дахарехь. Цо Ша делла тхуна похІма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гІуллакх дан. ХІунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо. Веза Эла – Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь – паргІато а ю.
Выбор основного перевода