Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агІор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Іедалан лай ву, ткъа вукху агІор сайн адаман синца къинан Іедалан лай а ву. Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо. хІунда аьлча ша Делах схьаваьлла мел волчо дуьненна тІехь толам боккху. Ткъа дуьненна тІехь баьккхина болу и толам вайн тешар бахьана долуш баьккхина бу. Іийса Делан КІант ву аьлла, тешаш волчо бен кхин хьан боккхур бара кху дуьненна тІехь толам?
Выбор основного перевода