Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. Динан вежарий! Суна ца лаьа, хІара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Іайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хІуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тІедерззалц. Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца. Везачу Элан дашца боху хІара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. Цул тІаьхьа вай, далаза диснарш, царах дІа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТІаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.
Выбор основного перевода