Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цец ма довлалаш цунах, хІунда аьлча тІейогІуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КІентан аз хезар долуш. ТІаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гІуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гІур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гІуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хІаллакьхуьлуш хилча, тІаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула – маьхза луш долу совгІат дуккха а адамна кхочур ду! Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тІедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гІуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло.
Выбор основного перевода