Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІейогІучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац. Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац. Іийсан валар гуттара а тхешан догІмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догІмашкахула гучудаккхархьама. ХІунда аьлча дийна долуш Іийсан дуьхьа хІора денна а Іожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догІмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама. Ткъа вай стигалан дахархой ду. Вай КІелхьардохург, Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса, оцу стигалшкара схьаваре хьоьжуш а ду вай. Вайн сий доцу догІмаш хуьйцур ду Цо, Шен сийлахьчу дегІах а тардина. И дийр ду Цо массо а хІума а Шен карадерзо йиш йолчу Шен ницкъаца.
Выбор основного перевода