Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула кхел ечу дийнахь. Вай Цунах тешар бахьана долуш, Іийсас Делан доккхачу диканна тІекхочийла хилийтина вайна. ХІинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. Дала леррина Къобалвинчух болу хаза кхаъ дІакхайкхо Троя-гІала со веанчу хенахь, Везачу Эло суна цигахь къахьега неІ дІайиллира. Аса дІахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла. ХІунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тІеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Іийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тІеийцира.
Выбор основного перевода