Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хила йиш йоцуш хІунда хета шуна Дала беллачуьра нах денбар? И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тІекхаьчнийла а хууш, хІунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хІинца герга ду Дала вай кІелхьардахарна. Шуна эхь хетийтархьама боху ас хІара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь? Гучудолуш долу дерриге а серло хуьлу. Цундела аьлла ма ду: «ХьалагІатта, вижина Іуьллург, беллачарна юкъара денло, тІаккха Дала леррина Къобалвинчо хьо $серлавоккхур ву». Кхечу къаьмнех болу, Дела ца вевза нах санна, нахаца леларан боьхачу лаамех дуьзна хила ца деза шу. Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. ТІаккха и мостагІий а, дохко а бевлла, меттабогІур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дІалаьцначу цуьнан речІанах паргІатбевр бу.
Выбор основного перевода