Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Хуьлийла серло». ТІаккха серло хилира. Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла». Цу дуькъачу хІаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Іуьйре а тІееара. ДІаделира шолгІа де а. Цо цхьаммо стигал дІасаяржайо, Иза ву хІордан тулгІенаш тІехула лелаш верг. Лаьттан гон тІехула йолчу Іарш тІехь Іаш ву Иза, адамаш цаьпцалгаш санна ду Цунна хьалха. Цо стигал дІасаяржийна, дуткъа кІади санна, чохь Іан дина четар санна, дІахІоттийна иза. «Со хьоьжучу хенахь паччахьан гІанташ дІахІиттийра. Цу гІантех цхьанна тІе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кІайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цІеначу кхакхана тІера чоьш санна яра. Иза тІехиъна гІант цІеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цІе яра.
Выбор основного перевода