Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан карахь ду хьуна массо а дийначу хІуманийн синош а, иштта массо а адамийн синош а. Нагахь Цо Шен дог даийтича, Шен са а, садеІар а Цо юхадаьккхича, эццахь дуьнен тІехь мел долу адам, хІаллак а хилла, чан хилла дІахІуттур дара. Хьайн диканца, Веза Эла, Ахь чІагІбира сан лам. Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича, со вуьйхира. Хастам бу Везачу Элана! Сан са, хаставе Веза Эла. ша схьадаьлла долчу лаьтта чу хьайн дегІ а юхадерзале, са делла волу Дела волчу хьайн са а юхадерзале. ткъа стигалшкара Везачу Элана дуьхьал а ваьлла, Цуьнан ЦІенна чуьра пхьегІаш яийтира ахь. Ахьа а, хьан уллорчу куьйгалхоша а, хьан зударша а, хьан гІарбашаша а царна чуьра чагІар мийлира. ХІумма а гуш, хезаш, хууш боцу дато а, дашо а, йоьзан а, аьчкан а, дечиган а, тІулган деланаш ахь, базбеш, хастийра. Ткъа хьан садеІар а, ахь мел боккху ког а карахь волчу Делан ахь сий ца дира.
Выбор основного перевода