Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эли-ЯхІус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Юха, стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира. ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар. Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Іаьнарх Шен маликаш до, цІеран алунех Шен ялхой бо».
Выбор основного перевода