Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. qac Еqac*рриг а хан дукха ер яц, ткъа Іесаниг кхин хир а вац. И хиллачу метте хьо дІахьаьжча, цигахь иза хир ма вац. Ткъа зуламенаш берриш а хІаллакбийр бу. Іесачеран тІаьхье хІаллакйийр ю. Хьайн оьгІазаллица, хІаллакбай, дІабахахьа уьш. ДІахоийла царна Якъубан махкана тІехь Дела вуйла а, Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Сан Веза Дела, Хьо инзаре воккха ву, паччахьан сий а, исбаьхьалла а Хьан духар санна ду. Шен парзаш цаьрга кхочушдайтархьама а, Шен товрат-хьехамаш цаьрга ларбайтархьама а. Хастам бу Везачу Элана!
Выбор основного перевода