Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта хилла дІахІоьттира: Дала дуькъачу хІавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хІаваана тІехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. Каруб-маликашна тІе а хиъна, тІемавелира Иза, механ тІемаш тІехь дІавахара Иза. ХІара бу Мисарх лаьцна болу хаам. Хьажал, чехкачу мархи тІехь Мисара хохку Везачу Эло. Цунна хьалха мисархойн цІуш, кхерабелла, бегабо, мисархойн майралла а, ешна, дІайолу. Дала Шена лерина хІусамаш стигалшкахь йина, ткъа Шен стигалан нартол лаьтта тІехь дІахІоттийна. Цо хІордан хиш схьа а гулдо, уьш лаьтта тІехула дІа а Іанадо. Цуьнан цІе – Веза Эла ю!
Выбор основного перевода