Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. ХІинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса. И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду. Цо буц йоу, стеро санна. Даудан назма. Декъалвойла сан сино Веза Эла! Суна чохь мел долчу хІумано а декъалйойла Цуьнан еза цІе! Сан сино Веза Эла декъалвойла! Сан даго Цо мел дина дика диц а ма дойла! Декъалвойла Веза Эла Цуьнан доллучу гІуллакхаша, Цо олалла деш йолчу массо а меттигашкахь! Декъалвойла Веза Эла сан сино!
Выбор основного перевода