Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн догІмашкахь гІора хилийта сан кхачанах кхетахьара шу, юха кхидІа а некъ бийр бара аша, шайн ялхо волчу шу даьхкина хилча». Цара элира: «Дика ду, ахь ма-бохху дийр ду оха». Амма зайт-дитто цаьрга жоп делла: „Аса деланийн а, адамийн а сий до, айса луш долу даьтта бахьана долуш. Даьтта ца луш саца дезий со, кхечарна тІехь олалла дар бахьана долуш?“ Амма кемсийн таьлланго а жоп делира: „Сох схьадаьллачу чагІаро делийн а, адамийн а самукъадоккху. И стом ца луш саца дезий со, кхечу дитташна тІехь олалла дархьама?“ Сан мостагІашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тІех буьзна бу. Ахьа и вахош долу малар мискачарна а, шайн дахар къаьхьа долчарна а дІало. ТІаккха, и чагІар а мелла, царна дицлур ду шаьш миска хилар а, шаьш баланехь хилар а. Юург-мерг стагана самукъанна ду, чагІар синкъерамна ду, ткъа ахчано и дерриг а кхочушдо.
Выбор основного перевода