Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо ижуна тІаьхьаволу те нана-лоьман дуьхьа, мацделла лелачу цуьнан кІорнеш юзорхьама, Цо бежанашна кхача латтабо, уьш кхайкхича, къийган кІорнешна а юург ло. Везачу Эло иштта элира соьга: «Ижуна тІехь гІигІ деш лаьтта къона лом санна ву Со. Масийтта Іу цунна дуьхьал валархьама кхайкхича а, и лом церан маьхьарех ца къехка, церан гІовгІанех кхера а ца ло. Иштта массо а ницкъийн Веза Эла волу Со а хир ву, Цийон-лома а, цуьнан гунна а дуьхьал тІом бархьама Со охьавоьссича.
Выбор основного перевода