Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хІуманаш. ХІаваэхь тІема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а». Иштта кхоьллира Дала Іаламат хІордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хІуманаш: яккхий а, кегий а. ХІаваэхь тІема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тІаьхье беркате а хуьлуш, хІордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь». ТІееара суьйре, хилира Іуьйре а. ДІаделира пхоьалгІа де а. Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тІехь массо а тайпана садолу хІуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дІахІоьттира. Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира. Цунна бакъдерг а, нийсо а еза. Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта. Алссам ду, сан Веза Дела, Ахь мел дина тамашийна гІуллакхаш а, тхох лаьцна Ахь мел йина ойланаш а. Хьоьца цхьа а вусталур ма вацара! Ахь мел динчу гІуллакхех лаьцна Ас дийцахь я кхайкхам бахь, церан терахь хьесап ца даллал доккха хир ма дара! Ахь латта Іалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тІехъюьзна йолу хин Іовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гІуллакхна кхоьллина дела. Хьекъалаллица Везачу Эло латта дІахІоттийна, ткъа стигалш кхетамца чІагІйина Цо.
Выбор основного перевода