Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тІера массо а хІу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хІу а долуш. Царех хир ю шуна юург. Ткъа ерриге а садолчу хІуманна а ло Аса массо а тайпана гІа-буц. Ерриге а лаьтта тІера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хІора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дІахІоьттира. Шена тІехь ялта кхуьуш долу латта, кІоргенехь цІарца дагийча санна, аьхкина хуьлу. Баркалла ала муьлххачу а садолчу хІуманна кхача Лучунна – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Цо стигал мархашца дІакъовлу, лаьттана догІа хуьлуьйту, гунаш тІехь буц хьалайолуьйту.
Выбор основного перевода