Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тІе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш. Хьан дахарехь ахьа цкъа а Іуьйренна омра диний, я Іуьйренан цІийяларна цуьнан меттиг дІахІоттийний? Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю. Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дІахІоттийна. Баркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна: (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.) царах малх дийнан Іуналла а деш, (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.) бутт а, седарчий а буьйсанан Іуналла а деш – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Выбор основного перевода