Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТогІеш санна, дІасаяьржина уьш, хин йистошкара бошмаш санна, ю уьш! Везачу Эло дІадоьгІна долу хаза хьожа йоуьйту сарап санна, ю уьш! Хиш долчохь лаьтташ долу баганан дитташ санна, ю уьш! Коканийн кулло цаьрга элира: „Шайна баккъал а со паччахь хилийта лаахь, даха а гІой, сан ІиндагІехь дІахьулло. Нагахь санна иза иштта ца хилахь, цу коьллех цІе а яьлла, цу цІаро Ливанун-махкара баганан дитташ а дагадойла“. Лаьмнаш цуьнан ІиндагІо дІахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира.
Выбор основного перевода