Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху. Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду. Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха. Веза Эла! Хьайн стигалш дІаса а таттий, чувоссахьа. Лаьмнех хьакхалохьа, тІаккха цара кІур тосур бу. Хьо гича, лаьмнаш дегадо. Стигалара хиш охьахьовду. КІоргачу хІордо шен аз схьахозуьйту, леккха шен куьйгаш хьала а ойу.
Выбор основного перевода