Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МІераца Левиятан цІе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга, муьшаца оцу саьрмикан мотт дІабехкалур барий? «Левиятан караІамо хьан сатийсам харц хир бу! Иза цкъа схьахьаьжча а, хьо охьавужур ву. Левиятан цІе йолчу хІордан саьрмикан кортош Ахь хьаьшира, цуьнан дегІ яьссачу аренгарчу акхарошна юучунна дІаделира. Цхьаберш хІордкеманашна тІехь новкъа бовлура, уьш даккхий хиш тІера совдегарш бара. Цу дийнахь Везачу Эло Шен чІогІачу а, доккхачу а, нуьцкъалчу а туьраца таІзар дийр ду Левиятан цІе йолчу а, текхаш а, хьийзаш а болчу лаьхьанна. ХІордан и саьрмик буьйр бу Цо.
Выбор основного перевода