Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха малхбалехьара схьайогІуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хІордан гІовгІа санна, чІогІа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. ТІаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухІар дара. Оцу малико лаьттана а, хІордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира: ТІаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тІе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тІехула стелаІад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цІерах богу бІогІамаш санна, бара. Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Іинан догІа а дара, стомма зІе а яра.
Выбор основного перевода