Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧІогІа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тІера бедарш а этІош, коьрта тІехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара. Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш. Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тІе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бІаьрхишца. Боьлхуш, тийжаш, цара хьох лаьцна хІара йиш дІалокхур ю: ‹ХІордана юккъехь узарш деш йолу Цора-гІала саннарг кхин муьлха яра? Хьан совдегарша, хІорда тІехула а лелаш, дуккха а къаьмнаш Іабадора. Хьайн доккхачу хьолах а, алсам долчу хІуманах а дуьненан паччахьашна ахьа дуккха а хьал а лора. ХІинца хьо хІордо хІаллакйина, хІорда буха а яхана, хьан адамаш а, дерриг а хьан хьал а хьоьца хи буха дахана›.
Выбор основного перевода