Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо Делан Іедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тІулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тІехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара. Зудчунна тІехь таьІна цІечу басахь а, цІарула-цІечу басахь а духар дара. Деших йина хІуманаш, деза тІулгаш, жовхІарш дара цунна тІехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гІуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гІуллакхех а буьзна бара. Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тІехь олалла деш йолу йоккха гІала ю».
Выбор основного перевода