Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вотанашца самукъадаккхар а дІадаьлла, самукъадолучийн гІовгІа а сецна, пондарийн аьзнаш а дІатийна. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду». Аса дІадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дІайойур ю. Аса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. Изза дара ЛутІа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дІадоьра, гІишлош йора. Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гІовгІа чухчарин гІовгІанах а, чІогІа къекъачу стигалан гІовгІанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тІехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна. Цу нехан тобано стигаларчу Іаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кІелхьарваьккхинчу, цхьа бІе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Іамалора.
Выбор основного перевода