Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавелан йоІ, хІаллакьян ва леринарг! Ирсе ву ахьа тхуна динчунна хьуна бекхам эцнарг! ТІеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дІахІитта. Тахана ша мостагІийн кара дІаелла Бавел-гІалано, йохийна цуьнан бІаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тІехь деш дерг аша а де цунна тІехь. «Бавел-гІалина тІелата схьакхайкха массо а секхаІад карахь долчаьрга. Схьаваийта хІора секхаІад дула хууш верг. ГІалина го бе, цигара цхьа а ведда кІелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хІунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо, Делан оьгІазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагІар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Іахарна а хьалха цІергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву. Йоккха гІала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гІаланаш хІаллакьхилира. Йоккха Бавел-гІала Шена дагахь йолу дела, Дала таІзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгІазечу дераллин чагІар дІамалийтира цуьнга.
Выбор основного перевода