Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо бахьана долуш тийжам а беш, цара бохур ду: „Хьо къайла ма яьлла, ва цІеяхана гІала! Хьуна чохь хІордахой Іаш ма бара. Хьо хи тІехь ницкъ болуш лаьтташ ма яра, хьо а, хьан бахархой а. Цара кхерамехь латтабора хІорда йистехь мел бехаш берш а. Хьан хьал хи буха гІур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш – хинкема дІадохуьйтуш берш а, цу тІера хинкеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тІемалой а – уьш берриш а хи буха гІур бу. И хІума хьо йохочу дийнахь хир ду. Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш. ТІаккха Ярушалаймера Делан цІийнера еана йолу и дашо пхьегІаш чуеара. Цуьнан уллорчу куьйгалхоша а, цуьнан зударша а, цуьнан гІарбашаша а царна чуьра маларш мийлира. «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна». И массо а хІуманаш а юхкуш, мах лелош хилла болу, цунах хьал лакхадаьлла совдегарш, цуьнан баланех кхера а белла, гено дІахІуьттур бу. Боьлхуш а, гІайгІанехь а болуш, цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! Дуткъачу а, таьІна-цІечу а, цІарула-цІечу а кІадийн бедарш тІеюьйхира ахь. Дешин хІуманашца а, дезачу тІулгашца а, жовхІаршца а кечйора хьо. Цхьана сахьтехь хІаллакьхили-кх оццул дукха хилла долу хьал!» Массо а хІордкеманаш долахь берш а, хІордкеманашна тІехь болу некъахой а, кемалелорхой а, берриг а хІордаца доьзна йохкаэцар лелош берш а генна дІахІиттира. ТІаккха шайн кортош тІе ченаш тийсира цара. ГІайгІане а эгна, белха а боьлхуш, цара, мохь а бетташ, бохура: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! ХІордана тІехь долу массо а хІордкеманаш шайн долахь долчара оцу гІалин деза а, мехала а мел долчу хІуманах шайн хьал совдаьккхира. Ткъа хІинца-м иза цхьана сахьтехь йоьхна дІахІоьтти».
Выбор основного перевода