Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан хьал хи буха гІур ду, ахьа мах лелош мел дерг хин долахь хир ду. Хьоьца мел хилларш – хинкема дІадохуьйтуш берш а, цу тІера хинкеманна даьлла Іуьргаш дІадукъуш берш а, хьан совдегарш а, иштта хьан мел болу тІемалой а – уьш берриш а хи буха гІур бу. И хІума хьо йохочу дийнахь хир ду. Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гІайгІанца шакарш етта. Хьо къемате хІаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“». ХІунда аьлча ша сийсаза леларна, Дела дарвеш долу чагІар малийна цо массо а халкъашна. Дуьнен чуьра паччахьаш а сийсазбевли цуьнца цхьаьна. Иштта дуьнен чуьра совдегарш а хьал долуш хилла дІахІиттира, цуьнан сов баккхий боьха лаамаш бахьана долуш».
Выбор основного перевода