Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю. Амма и хилларш хьайн даг тІе ца эцна ахь, паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина. ХІинца ладогІа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Іаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Іаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“. Амма цІеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хІума хьуна тІе догІур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хІуманаш кхоччуш хьуна тІе догІур ду. «Адаман кІант! Цора-гІалин баьччане дІаала, Хьалдолчу Эло иштта боху алий: „Хьо чІогІа кура ю. Ахьа боху: ‘Со – Дела ву, хІорда юккъехь Іарша тІехь Іаш ву со’. Амма хьо адам ду, Дела вац, хьан Делан хьекъалалла ду моьттуш хьо велахь а. Хьуна моьтту хьо Даниалачул сов хьекъал долуш ю, къайлаха дерг дерриг а хьайна хуур ду а моьтту хьуна. Хьайн хьекъалца а, кхетамца а гулдина ахьа хьайн дерриг а хьал а, хьайн хазни чуьра деши а, дети а. Хьайн доккхачу хьекъалаллица а, айхьа йохкаэцар лелорца а гулдина ахьа хьайн хьал, цундела хьан коьрте куралла йоьссина и хьал бахьана долуш. Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна Делан санна хьайн хьекъалалла ду моттар бахьана долуш, Ас кхечу мехкашкара нах схьабалор бу хьуна дуьхьалбаха, уьш кхечу къаьмнашна юкъахь уггар къиза нах бу. Цара шайн тарраш хьан хазаллина а, хьекъалаллина а дуьхьалдохур ду, цара хьан исбаьхьалла а дІайоккхур ю. Цара хьо эхарта чу вохуьйтур ву, хІордана юккъехь хІаллаквийр ву хьо. Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду.
Выбор основного перевода