Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гІалано хьоьгара хІуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гІели а луш. Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цІестах йина пхьегІаш а хьоьгара оьцучу хІуманна дуьхьал а луш. Шеба-гІаларчу а, РуІман-гІаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тІулгаш а, деши а луш. Санирехь кхуьучу зоьзан диттах йина ю хьан ерриг а лакхенаш, ткъа хьан мачтанаш Ливанун-ломахь тІекхуьуш долчу баганан диттах йина ю. Зудчунна тІехь таьІна цІечу басахь а, цІарула-цІечу басахь а духар дара. Деших йина хІуманаш, деза тІулгаш, жовхІарш дара цунна тІехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гІуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гІуллакхех а буьзна бара.
Выбор основного перевода