Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен совдегарш элий хиллачу, таьжнаш дІасадоькъуш хиллачу, мах лелош берш дуьненахь а бевзаш хиллачу Цора-гІалина хьанна дагадеана иза? Амма цІеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хІума хьуна тІе догІур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хІуманаш кхоччуш хьуна тІе догІур ду. Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Кестта Аса сацор ду кхузара самукъане аьзнаш а, зударий балош болчеран а, нускалийн а аьзнаш а. Иза шу дехачу заманахь хир долуш ду». Аса дІадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дІайойур ю. Иза Нунав-гІалин лелар бахьана долуш ду. И гІала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара, жинашца тайна хилар тІехь уггар а говза йолу, шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу, шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу. Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагІар а муьйлуш, бехаш бара».
Выбор основного перевода