Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавело исраилхой а, дерриг а дуьненан адамаш а хІаллак-ма-дарра, цуьнан нах а хІаллакбан беза». Іанийна цІий цунна чохь ма ду. Иза тархана тІехь дитина цо, лаьтта тІе охьа а ца Іанош, цу тІе чан ца йиллийта. Ас цІий тІулгаш тІехь дитина, иза къайла ца даккхийта. Ас иза дина адам оьгІаздахийта, цаьрга хІаллакбиначеран чІир эцийта». Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Іийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цІий Іанорна царна таІзар ца деш а?» – аьлла. ТІаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Іийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цІийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чІогІа инзарваьллера. Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чІогІа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гІалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цІий Іанорна, Дала цунна догІуш долу таІзар дира».
Выбор основного перевода