Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхузткъе итт шо даьлча, Везачу Эло Цора-гІала, таІзар динчул тІаьхьа паргІатйоккхур ю. И гІала, юха а мах а беш, пайда оьцуш хир ю, дерриге а дуьнен чохь массо а пачхьалкхашца хир ю цуьнан хьарам уьйраш. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «ДІаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгІазаллин кедара дІа а молуш, даха а дехаш, схьаІеттаде, тІаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гІитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“. Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагІар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тІаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. Иза Нунав-гІалин лелар бахьана долуш ду. И гІала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара, жинашца тайна хилар тІехь уггар а говза йолу, шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу, шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна». Лаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагІар а муьйлуш, бехаш бара». Зудчунна тІехь таьІна цІечу басахь а, цІарула-цІечу басахь а духар дара. Деших йина хІуманаш, деза тІулгаш, жовхІарш дара цунна тІехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гІуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гІуллакхех а буьзна бара.
Выбор основного перевода